Ненан мотт-аганан илли. Аганан иллица со вижош,нана, Вайн матте сан марзо кхиийра ахь



Скачать 36.98 Kb.
Дата07.03.2016
Размер36.98 Kb.
Ненан мотт-аганан илли.

«Аганан иллица со вижош,нана,

Вайн матте сан марзо кхиийра ахь.

Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана,

Хьомсара нохчийн мотт,хьо бахалахь!»

Юсупов 1азим.

Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза,мехала? Аганан иллица, ненан маттах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам. Оцу хьокъехь ю Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу байт:

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш…

Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла илли. Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.

Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а мотт бу. Вайн мотт хьалдолуш а, аьхна мотт бу, уггаре а хала а, к1орггера а дог- ойланаш ма- ярра ц1ена а, нийса а, юьззина д1айийца а, билгалъяха а йиш йолуш.

Г1иллакх долуш, оьздангалла шеца йолуш стаг хилалур вуй, нагахь шен ненан мотт безаш а, хууш а ца хилча?! Шен ненан мотт цахуучунна довза йиш яц къоман г1иллакхаш , оьздангалла, ламасташ. Ненан мотт къоман дахарехь мел маь1на долуш бу гойту вайн Президента Кадыров Рамзан Ахматовича аьллачу дешнаша: «Вешан дай санна нохчий хилла диса деза вай. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерчу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий, кхиоран раг1 вайна т1екхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, духхьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш.

Аганара г1аьттича цу к1антана бакъболу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалла дан, масал эца, цаьрга нисвалар 1амош.

Дас халонаш лан, осалниг емалдан, г1ийлачун г1о лаца кечван веза шен во1.

Иштта вайн нанойн масалш т1ехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю».

Цундела 1амо беза вайх х1орамма а шен ненан мотт. Вай ца бийцича, вайн мотт бийца а,вайн г1иллакхаш лардан а цхьа а вог1ур вац, вайн сий а хир дац. «Моз санна мерза болу, ламанан шовда санна ц1ена болу», иза вай безаш 1амош хилахь, вайна кхин меттанаш а, 1илманаш а атта карадерзалур ду. Т1аккха мехкан йоцчу ачоно йорт еттар яц вайн махкахь ,ненан меттан сий даро тойийр ю вайн юкъаметтигаш, аьтто бийр бу дайшца з1е ца хадо а.

Халкъан дахарехь мехала хазна ю вайн нохчийн мотт, цуьнца боьзна ду вайна деза мел хетарг а, хьекъал а. Мотт адамийн юъаметтигийн коьрта г1ирс бу. Дош ала а, мотт бийца а ца хууш дуьнена т1е долу адам,и адам къандаллалц йолчу хенахь, шен мотт бовзаран , хааран т1ег1анехь кхуьу. Бакъду, леррина оцу меттан бала а болуш къахьегча , кхочу стаг оцу меттан лакхенашка. Хаза, мерза дош долуш, наха шайга леррина ладуг1уш кегий нах а , кхо-виъ стаг гулвеллачохь а вистхила ца хууш воккха стаг а хуьлу.

Мотт –халкъан дахаран тоьшалла а, хилларг а ду, иза г1иллакх-оьздангаллин бух а бу.

Ненан мотт.Нанас аганан илли аьлла мотт.Билал Саидовс говза аьлла:

Хьуо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьуо хууш волчунна

Жовх1арийн х1онс ю хьо.

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

Кхечу къоман маттахь вистхила хаар,йиш лакхар,оцу къоман хелхар дар-иза дозалла ду,амма шен мотт а, шен г1иллакхаш а,шен эшарш, иллеш ца девзаш , кхечераниш 1амор-иза оьзда вацар ду, вайн цхьана поэта ма-аллара, «маьттаза вахар» ду.

Вай нохчийн мотт 1амийча, кхин оьшург а 1емар ду. 1емар ду Дала вайна совг1атна дела долу вайн г1иллакхаш. Девзар ду- адам ларар, сий, маршо, собар, доьналла, тешам, иэхь, бехк , кх.д1. дешнийн к1орггера маь1на.

Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац! Суна хьоме бу сайн ненан мотт, ас дозалла до цунах.Сайн сочинени ас ерзор ю нохчийн поэта Атабаев Султана язйинчу « Халкъан бахам»ц1е йолчу стихотворени т1ера мог1анашца:

Ненан мотт-

Вайн безам, илли,

Ненан мотт-

Вайн г1айг1а,ирс,

Ненан мотт,

Хьоьх ваьлларг-тилла,

Ненан мотт-

Лараме г1ирс.

Ненан мотт-

Вайн халкъан т1емаш.

Ненан мотт-

Вайн бахам, сий.

Ненан мотт-

Бовза, ца 1ебаш,

Кхойкху ас

Шуьга ,нохчий!

Грозный- 2012 г.

c:\users\admin\desktop\4f872541fe9c.jpg

Сочинени: «Ненан мотт- аганан илли»

Ученицы 11 класса

МБОУ СОШ № 63 г.Грозного

Вагаповой Имани Лечиевны.

Руководитель:

учитель чеченского языка

и литературы

Садулаева Айза Амсадовна.
Каталог: file -> chunk35 -> 939510 -> 144114
file -> Занятие № Философская проза Ж.=П. Сартра и А. Камю. Философские истоки литературы экзистенциализма
file -> -
file -> Взаимодействие поэзии и прозы в англо-ирландской литературе первой половины XX века
file -> Эрнст Гомбрих История искусства москва 1998
file -> Питер москва Санкт-Петарбург -нижний Новгород • Воронеж Ростов-на-Дону • Екатеринбург • Самара Киев- харьков • Минск 2003 ббк 88. 1(0)
file -> Антиискусство как социальное явлеНИе
file -> Издательство
file -> Список иностранных песен
file -> Репертуар группы


Поделитесь с Вашими друзьями:


База данных защищена авторским правом ©uverenniy.ru 2019
обратиться к администрации

    Главная страница